
ХӀокху деношкарчу даздарийн гурашкахь дӀадаьхьна Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а пачхьалкхан совгӀаташ далар а.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Рамзана.
Вайн мехкан лакхара цӀе («Нохчийн Республикин Турпалхо») а луш, цо билгалбаьхначу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командин векалийн могӀарехь Дудаев Ахьмад а ву — Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр.
Оцу совгӀатца ша билгалваккхарна нохчийн Мехк-Дена баркалла аьлла Дудаев Ахьмада.
«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гӀазот къобалдойла цуьнан!) командин дáкъа хиларал а, хьо коьртехь а волуш, Даймехкан дуьхьа къахьегарал а доккха ирс дац, лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан!», — йаздина цо.
Цу тӀе, шега кховдийна тешам ларбарехь а, кхочушбарехь а ша ницкъ кхоорг цахилар а тӀетоьхна Дудаев Ахьмада.