
Гуьмсан кӀоштан Чоьхьарчу гӀуллакхийн дéкъан хьашташна керла комплекс йина Гуьмсехь.
Даздаран хьолехь иза схьайелларехь дакъалаьцна Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Рамзана.
Комплексан кертахь чоьхьарчу гӀуллакхийн дéкъана лерина гӀишло йу, чохь 150 чоь а йолуш.
Цул сов, кхачанан чоь а, ИВС а, спорткомплекс а, КПП а, машенаш дӀахӀуьттийла а, и.д.кх.а йу.
Иштта, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина а, белхан декхарш кхочушдарехь кхелхинчу 44 белхахочунна а лерина иэсан хӀоллам а дӀатарбелла цигахь.
Ткъа Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо деза совгӀаташ дина оцу Чоьхьарчу гӀуллакхийн дéкъана — лерринчу Ӏалашонийн 10 «Форд» машен а, белхахошна оьшуш болу гӀирсаш а эцна цо.