Футболах ловзуш Россехь хьалхеяккхаран чемпионатана кечам беш, Соьлжа-ГIалара «Терек» шен рогIерчу доттагIаллин матчехь цхьаьнакхийтира Австрин хьалхарчу лигехь ловзуш йолчу Медлинг гIаларчу «Адмира Ваккер» командица.
Сборашкахь хуьлуш долу доттагIаллин цхьаьнакхетарш даима а шайн йоцучу (нейтральни) стадионашкахь дIахьош хуьлура. Амма соьлжагIалахойн «Адмира Ваккерца» хилла матч Австрерчу командин майданахь дIаяьхьира. Цундела, шайн болельщикаша гIо-накъосталла деш хиллачу меттигерчу футболисташна дуьхьал ловза мелла а хала дара Соьлжа-ГIаларчу «Терекана». Цул сов, «Адмира Ваккер» Австрехь уггаре а тоьллачех цхьаъ ю. Иза Бундеслигин уьссазза чемпион, ялхозза кубок а яьккхина (Бакъду, чекхъяьллачу чемпионатехь ледара ловзар бахьана долуш хьалхарчу лиге охьаяьлла ю).
Цхьаьнакхетар дIадоладаларца кхераме тIелатарш долийра командаша. Хьалхарчу тайман ши минот а яла кхиале счет схьайиллира Соьлжа-ГIаларчу «Терека». Кацаев Iадлана шега дукха дика елла йолу буьрка чу тохарца билгалвелира вайн къона тIелатархо Митришев Мохьмад. Цул тIаьхьа дукха хан ялале Кану Рубенильсонан счет йоккха ян таро яра, амма цуьнан билгалвала аьтто ца белира. Иштта Грозав Георгин а аьтто бара матчехь серлонан таблон тIе шен цIе язъяйта. Бакъду, иза а шен Iалашоне ца кхачавелира. 10-чу минотехь майданан дайша счет меттахIоттийра. Городов Евгенийс лардечу кевнна гол тоьхнарг вара Штаркль Доминик. Баьхкинчу болельщикийн хьажа дог догIуш, алсам ира тIелатарш долуш, чулацаме хилира хьалхара тайм. СоьлжагIалахойн майданан дайшна шиъ-кхоъ гол тохарца билгалбовла таронаш яра. Ткъа тоьхна буьрка вратаро схьалоций я, кевнна уллехула йолий а гол тоха аьтто ца болура. Амма командаш садаIа яха пхи минот йисинчу хенахь хьешийн шолгIа дог дохийра И.Айильдиза. Серлонан таблон тIехь догуш 2:1 долуш садаIа бахара футболисташ. СадаьIначул тIаьхьа а командаш цхьатерра ловзура. Бакъду, Эбнер Томаса матчехь кхоалгIа буьрка туьйхира соьлжагIалахойн кевнна чу. Иштта жамI 1:3 долуш юха а ийшира вайн республикин коьрта команда.
Соьлжа-ГIалара «Терек» рогIерчу ловзарехь цхьаьнакхетар ю Австрин Бундеслигин тоьллачу еа командина юкъахь йолчу Грац гIаларчу «Штурмица».
А.ТЕРЛОЕВ
№ 77, шот, 11 июль, 2015 шо