
Соьлжа-ГӀаларчу Жуковскийн урамехь керла маьждиг схьадиллина тахана.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан дӀадолорца а догӀуш, ИбрахӀим пайхамаран (عليه السلام) цӀарах цӀе тиллина цунна.
Иза схьаделларехь дакъалецира Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана а, Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас а, Ӏеламнаха а, хьаькамаша а, меттигерчу бахархоша а.
Дан долийнчу муьрехь, и маьждиг Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан цӀарах хилийта аьлла, дехар динера бахархоша.
Цо ша [Ахьмад-Хьаьжин Рамзана] ма-хаийттара, Мехкан Муфтица Межиев Салахь-Хьаьжица и гӀуллакх дийцаре а дина, тӀаккха бина сацам бу оцу маьждигна ИбрахӀим пайхамаран цӀарах цӀе тиллар.