
Къоман гвардин Къилбаседе-Кавказан округан эскарийн 46-чу ОБрОН-н кадечу Ӏалашонийн 94-чу полкехь хилла Кадыров Рамзан.
Хьалха-МартантӀехь дӀатарйеллачу цунна куьйгалла деш Магомадов Хас-Мохьмад ву.
Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, ша Магомадов Хас-Мохьмад а, цуьнан бӀаьхой а доккха зеделларг долуш а, тӀеман леррина операци дӀайахьарехь эвсаралла гайтина а бу.
Цул сов, тӀеман байракх йаларца уьш декъала а бина цо.
КхидӀа Кадыров Рамзана теллина полкан кертахь дӀахьош болу белхаш: хица кхачойаран сеташ хийцар, казармаш цӀинйар, и.д.кх.а.
Россин Федерацин пачхьалкхан совгӀаташ даларца дӀадирзина цхьаьнакхетар.