Р.Кадыровс дакъалаьцна Къоман гвардин 96-чу полкана тӀеман керла байракх йаларехь

Къоман гвардин Къилбаседе-Кавказан округан кадечу Ӏалашонийн 96-чу полкана тӀеман керла байракх йелла.

Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран Указца йелла йу цунна иза.

ТӀеман керла байракх дӀайаларехь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана а, Къоман гвардин Къилбаседе-Кавказан округан эскарийн коьртехь лаьттачу Захаров Сергейс а.

Шен къамелехь Кадыров Рамзана декъалбина полкан бӀаьхой а, церан буьйранча Тушаев Мохьмад а.

Цул сов, тӀеман лерринчу операцехь цара жигара дакъалоцуш хилар а билгалдаьккхина.

Тоьллачу бӀаьхошна Россин Федерацин пачхьалкхан совгӀаташ даларца дӀадирзина и даздаран цхьаьнакхетар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: