
Шелахь керла, башха парк схьайелларехь дакъалаьцна Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Рамзана.
Мухьаммад ﷺ пайхамаран цӀарахчу маьждигна хьалха дӀатарйеллачу оцу паркана Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах цӀе тиллина.
Меттигерчу бахархошна а, туристашна а хазахетачу меттигех цхьаъ хилла и керла парк дӀахӀуттург хиларх ша тешаш хилар хаийтина Кадыров Рамзана.
Иштта, республикин Мехк-Дас тӀе тидам ма-бахийттара, циггахь йеш дукхапетарийн «АХМАТ» комплекс а йу.