Ненан маттаца болх бечу шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахошна нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонаш йовзуьйту

Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан сацамца дIахьочу Нохчийн меттан шарна а лерина, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос кхочушдина а, кхочушдеш а бIеннаш гIуллакхаш ду 2023-гIа шо доладелчахьана.

Шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой кечбаран а, йухакечбаран а туьшахь журналистийн корматалла лакхайаккхаран курсаш тахана дIайолор а ду царах цхьаъ.

Ненан маттаца болх бечу вайн шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахошна нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонаш а йовзуьйтуш, 28 сахьтана лерина и курсаш эсаран беттан 25-гIа де кхаччалц дӀахьур йу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: