Бераллехь марзделла гIуллакх

20140628_111532

Шен дерриге а дахар искусствоца доьзначарех ву Умаев Ахьмад. Цуьнан бераллехь дуьйна тасаделла дечиг-пондарца долу гергарло. Шен сица хилла Ахьмадан мукъамца йолу марзо. ХIинца и берашна дIалуш, къахьоьгуш ву иза.

Ахьмад Казахстанерчу Талды-Кургански областехь, Киров юьртахь вина 1957-чу шеран 2-чу ноябрехь. Цигахь дIаяхна цуьнан бералла. Доьзалехь 2 йоI, 4 кIант хилла, Ахьмад жиманиг а волуш.

– Дуьххьара дечиг-пондар кара оьцуш школе вахаза вара со. Тхайн ненаца хьошалгIа ваханчохь, церан поднара тIехь Iуьллуш болчу пондарх бIаьрг кхетча, чIогIа и караэца сатесира ас. Нанна юххе таьIна сайга и схьаэцийта алахь аьлла, дийхира ас. ХIусамнанас и хааделла, хьайна битахь, Ахьмад, кху чохь иза оьшуш, цунах пайда бийр болуш цхьа а вац, аьлла суна белира. Хазахетар совдаьллера сан, буйнара пондар охьа ца буьллуш, цунах пIелгаш туьйсуш дукха лийлира со.

1976–1978-чу шерашкахь эскарехь гIуллакх дина Ахьмада, шен цIа вирзинчул тIаьхьа, кхин а чIогIа тасаелла Ахьмадан дечиг-пондарца йолу уьйр. Даго ша мукъамаш карлабохуш, керла иллеш дIаолуш хилла Ахьмада.

– Пондаран аз сайна Iаламат дезарна, Дагаев Валидан, Магомедов Султанан озе а, иллешка а хаддаза ладоьгIура ас. Церан мукъамаш хуьлура сан дагахь, со цхьаъ деш волуш а, садоIучу хенахь а.

Ахьмада даьхнарш дукхахдерш берийн иллеш ду, Даймахках, безамах лаьцна а ду.

– Суна даима хеза сайн лерехь мукъам. Цхьана дийнахь, Iаржъяллалц накъостаца йол схьагулъеш болх бина, дечиган ворданахь цIа воьдуш, даьккхира ас сайн «Седа» цIе йолу илли.

 

 

Соьга цхьа седа хьаьжира къайлах,

Башха цхьа сирла дагадеш нур.

БIаьргийн нур дойъуш дагна ов тухуш,

Седа дIабайра ца юьтуш лар.

 

 

ГIелвалар доцуш, дийнахь а буса,

Седа ас ларбо, сатуьйсуш гаре.

Дуккха а ду суна седарчий догуш,

Амма бац седа хаьржинарг даго.

 

Вехар ву, седа, хьан цIарах вогуш,

Хьо бу сан ирсан кхолламан седа.

Теша со, седа, карор бу суна,

Эрна ца хьежна къайлах хьо соьга.

 

Седа, седа, деган седа,

Суна къайлах ма лепахьа

Седа, седа, сирла седа,

Алахь суна лепарий хьо?

 

1989-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу Культпросвет училище деша вахана Умаев Ахьмад. Цигахь доьшуш а волуш, Хьалха-МартантIера «Красная армия» клубан исбаьхьаллин декъан куьйгалхо балха вахана. Ткъа 1995-чу шарахь Мартан-Чуьра Культурин ц1ийнан директор х1оьттина, цигахь хIинца а болх беш схьавогIуш ву Ахьмад.

2000-чу шарахь дIаболийна коллективо болх. Тахана цигахь халкъан иллин, хелхаран, вокальни, берийн тобанаш ю. Дуккха а нах оьхуш, нехан самукъадолуш а хуьлу цара хIоттийна концерташ.

Цул совнаха Ахьмад а, цуьнан белхан накъостий а школера бераш Iамош, цаьрца болх беш бу.

Хь.АВХАДОВА

 № 77, шот, 11 июль,

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: