
Джамбеков ШаӀранин а, Берсанов Хож-Ахьмадан а цӀарах стипендеш дала долийна Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь.
12 эзар ₽-н барамехь долу и стипенди нохчийн мотт а, литература а профилан студенташна луш ду, нагахь мотт а, литература а Ӏалашйаран а, кхиоран а декъехь цара башха кхиамаш гайтахь.
Иштта сацам бина университетан ректора Байханов ИсмаьӀала.
Дешаран карарчу шарахь и стипендеш оьцур болчу студенташна тоьшаллаш а дӀаделла цо: 1) А.Исраилована; 2) Р.Амаевана; 3) Д.Эжиевана; 4) Ӏ.Довлаевана.