
Транспортан декъехь берттахь белхаш бан лерина йу Нохчийчоь а, Запорожье а.
Иштта барт хилла Нохчийн Республикин транспортан а, зӀенан а, терахьийн кхиаран а министран Черхигов Рамзанан а, Запорожьен областан транспортан а, транспортан инфраструктура кхиоран а министран Прудиус Сергейн а.
Цхьаьнакхетар Соьлжа-ГӀалахь дӀадаьхьна.
Черхигов Рамзана билгалдаккхарехь, коьртехь Мехк-Да Кадыров Рамзан а волуш, Нохчийчохь хиллачу хийцамаша чӀогӀа цецваьккхина вара хьаша.