
Хьалха-Мартан кӀоштахь дӀабирзина Рошни хин бердаш чӀагӀдаран белхаш.
Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Ӏаламан тӀаьхьалуонийн а, гуонахара хьал лардаран а министра Абдулазизов Шарпудис.
Цо билгалдаккхарехь, чӀагӀдинчу бердийн йохалла 2 888 метр йу.
И бахьана а долуш, Роьшни-Чуьра 110 хӀусам (550 стаг) а, 15,78 га майда а хидестарх кхерамзаллехь йу хӀинца дуьйна.