40 МВт нуьцкъалла йолу керла котельни схьайиллина Соьлжа-ГӀалахь

Соьлжа-ГӀаларчу Шайх Мансуран кӀоштахь схьайиллина 40 МВт нуьцкъалла йолу керла котельни.

Карара шо доладелча дуьйна цунна тӀехь къахьегнарг «Теплострой» йукъаралла йу.

Котельни схьайелларал сов, 15 км сов йовхонан сеташ а хийцина.

Керлачу котельнин болх дӀаболорехь дакъалоцуш хиллачу пачхьенан мэра Кадыров Хас-Мохьмада хаийтира БойсгӀаран кӀоштахь а йеш хилар керла котельни (15 МВт).

Цуьнца цхьаьна хуьйцур йолуш 5 км гергга йовхонан сеташ а йу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: