ХIокху деношкахь аьхкенан «Аьхке, аьхке» майданан программин гурашкахь Республикин берийн а, кхиазхойн а кхолларалла кхиоран туьшахь хIора шарахь дIахьош йолу суьртийн конкурс хилира. Конкурсан кхушарахь Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь Толам баьккхина 70 шо кхачарна лерина яра. Цунна лерина дехкира бераша суьрташ. Конкурсан дакъалацархошна юкъахь дуккха а кегий бераш дара. Гуттар кегийчарна суьрташ дохкуш хьехархоша гIо дира.
Лакхахь хьахийначу туьшан директора Басханов СаьIидбека билгалдаьккхира, и конкурс берийн патриотизм кхиоран Iалашонца вовшахтухуш хилар. Аьхкенан майданан уьйтIахь асфальта тIехь бес-бесарчу кирашца дехкира суьрташ. Дакъалацархой шайна тIедиллинчу декхарца ларийча санна хийтира. Дакъалацархой ханна кегий хиларна, тоьлларг, эшнарг ца ларар тIехь барт хилира туьшан куьйгаллин. Конкурсехь дакъалаьцначу 30 берана дагалецаман совгIаташ делира.
«Ас даггара декъалдо шу. Дикахета, бераш Iама гIерташ, къахьоьгуш хилча. Суьрташ дахкар – иза аттачех дац. Шу кегий ду, делахь а, аш дехкинчу суьрташка хьаьжча, хаало, уьш даггара а, Iама лууш а дехкина хилар. ХIора сурт шатайпа чулацаме ду. Суьрташкахь гуш ду, Даймехкан тIеман дакъалацархошна аш баркалла бохуш хилар. Ткъа иза коьртаниг ду. Вайн уьш бицбан йиш яц», – элира С.Басхановс.
Дагалецамна суьрташ дохуш бирзира конкурсан болх.
ЛОРСАНОВА Зарета
№ 77, шот, 11 июль, 2015 шо