«Грозный» ЭШМ-хь хилла Россин экономика кхиоран министерствон векалш

Россин экономика кхиоран министерствон векалш хилла Нохчийчохь.

Церан коьртехь министран гӀовс Назаров Сергей вара.

Шайца цхьаьна Нохчийчоьнан экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министр Шаптукаев Рустам а волуш, экономикин шатайпанчу «Грозный» майданахь хилла уьш.

Цигахь цара теллина бина белхаш а, иштта, шайн-шайн каппашкахь резиденташа кхочушдан долийна гӀуллакхаш а.

Цул тӀаьхьа леррина кхеташо а дӀайаьхьна цигахь — «Грозный» ЭШМ кхидӀа а кхиорна лерина йара иза.

Нохчийчоьнан экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствон векалша билгал ма-даккхара, карара шо чекх а далале 200 гергга белхан меттиг кхолла лерина «Грозный» ЭШМ-хь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: