
Итон-Кхаьллан кӀоштарчу «Ведучи» курортехь дӀахьош баккхий белхаш бу.
Хехкаваларан керла майда кхоллар йу церан Ӏалашо.
Карарчу хенахь оцу белхашкахь дакъалоцуш дуккха а говзанчаш, гӀишлошйархой, иштта, 58 техника а йу.
Хийца а луш, 3 рожехь къахьоьгуш а, керла майда кхолларца доьзна декхар 2024-чу шарахь кхочушдан лерина а бу уьш — рогӀерчу Ӏаьнан муьрехь.
Цул сов, ресторан а, хьажаран майданаш а йийр йу курортехь.