Каримов Ӏаьлви кхалхарца цуьнан доьзале а, гергарчаьрга а кадам бина Кадыров Рамзана

Каримов Ӏаьлви кхалхарца цуьнан доьзале а, гергарчаьрга а кадам бина Кадыров Рамзана.

Оцу хьокъехь кост зорбатоьхна цо Telegram чуьрчу шен каналехь.

Шен къамелехь Мехк-Дас билгал ма-даккхара, Нохчийчоьнан а, Россин а журналистикина дахар дӀаделла стаг вара иза.

Цул сов, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин тешаме накъост а, нохчийн халкъан дика кӀант а иза хилла хилар а тӀетоьхна Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

«Дипломат а, политолог а, аналитик а, историк а, журналист а, йаздархо а, шен Даймохк безархо а санна вевзара тхуна иза. Нохчийн Республикин ШХГӀ меттахӀитторехь а, кхидӀа кхиорехь а дукха диканаш дина ву иза», — йаздина Кадыров Рамзана.

Дагадоуьйту Каримов Ӏаьлви Нохчийн Республикин Мехк-Ден пресс-секретарь а лаьттина хилар.

73 шо дара цуьнан.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: