«Доьзалх а, берах а»

8

Дукха хьолахь къона доьзалш бохаран бахьана уьш кхуллуш берш юьхьанца дуьйна цу гIуллакхан жоьпалла кхоччуш цакхетар хуьлу. Доьзал  иза хIора дийнан къинхьегам бу. Доьзал кхолларх тоьаш дац. Иза чIагIбан шераш оьшу. Доьзал кхолларехь а, иза кхиорехь а, цуьнан мехаллийн мах хадорца, къаьсттина меттиг дIалоцу дино а, медицино а. Дика хета, доьзалш бохаран хьокъехь тахана, лаккхарчу тIегIане даьккхина, дуьйцуш долуш, цу гIуллакхана тидам тIебохуьйтуш. Республикехь цу декъехь, долу кхачамбацарш дIадахарехь эвсараллица деш гIуллакхаш ду.

Масех шо хьалха «Доьзалх а, берах а» цIе йолу книга зорбане яьллера. Доьзал кхуллучеран Iамат лара мегар ду иза. Цуьнан автор ву Соьлжа-ГIаларчу №3 йолчу больницин кардиотерапин отделенин заведующи Саралапов Асхьаб. Ш.Эпендиевн цIарах йолчу Республикин клинически больницин кардиологин декъан сихачу терапин отделенин лор а хилла иза. Нохчийн пачхьалкхан университетехь медицинин факультетехь дешна цо. Соьлжа-ГIалахь вина а, Iаш а ву. Иза ша а ву доьзалан да. Цундела Асхьабана хаьа доьзал ларбар мехала дуйла. Могаш доьзал кхоллархьама, вайн кегийрхойн хаарш хила деза. Доьзалан барт ларбарехь, хаарш хилар бахьана долуш дIасакъестарш алсамдовлу.  Шен могашалла ларъян ца хиъча берийн дахаран а, могашалла а ледара хуьлу. Цундела дара  2007-чу шарахь Саралапов Асхьабана «Къоначу доьзалшна» аьлла книга язъян дагадар. «Iалашо – могашчу дахаре некъ гайтар, къоначеран хаарш совдахар, доьзал кхолларехь тIеIитталучу халонех лаьцна дийцар, – дуьйцу Асхьаба. – Книга араяьллачул тIаьхьа дукха хаттарш а дахкийтира соьга, цундела шолгIа книга араяккха ойла хилира. Кхин а алссам хIума довзуьйтуш, кхин а кIорггера чулацам а болуш».

2010-чу шарахь Саралапов Асхьаба арахоьцу «Доьзалах а, берах а, хаа мел дезарг» цIе йолу книга. Цунах пайдаоьцу юкъараллехь, къаьсттина кегийрхоша.  Ткъа дIадаханчу шарахь А.Айдамировн ц1арахчу Къоман библиотекехь презентаци хилира  «Доьзал кхоьллинчарна совгIат» цIе йолчу  цуьнан кхоалгIачу книгина. Цу книги тIехь дерриге а карадо: доьзалан юкъаметтигех а, исламан баххех а, динан низамца бер муха кхио деза а, медицино хьоьхург а, иштта нохчийн а, Iаьрбийн а цIерех лаьцна дерг а, цу цIерийн  маь1нех дерг а.  Къаьсттина тидам тIебохуьйту автора  дас-нанас  бер цхьатеррачу жоьпаллица кхио дезарна. Книгех дерг аьлча, иза кхета атта долчу маттахь язйина ю, цо луш долу хаарш оьшуш ду. Цо ешархочуьнга ойла йойту, шен дахарх, шен леларх, хиндолчух, мехала долчух – доьзалх. Хууш ма-хиллара, дика доьзал кхолла барт, тешам, марзо оьшу, иштта собар а оьшу. Доьзалехь барт хилар доьзна ду цуьнан декъашхошна шайн доьзална хьалха долу декхарш довзарх а, шайна тIехь долчу жоьпаллех кхетарх а. Жимачохь дуьйна берана дахаран коьрта мехаллаш йовзийта еза. Шайн масалца дика-вуон къасто Iамо деза, динан  тIе а тевжаш. Берийн Iедал ду баккхийчара дийрриг деш.  Иштта, Iилма Iамош, ламаз деш гойтуш, баккхийнаш лара Iамош, хьалххе дуьйна бер кхетош-кхиийча, цо шех цхьа а бала ца бо. Цхьаболчу къоначу дай-наноша йоьшу психологин книгаш, хаттаршна жоьпаш лоьху хаамийн гIирсашкахь, интернет хаамашкахь, шайна уллехь, лулахь волчу воккхачуьнга ца хоттуш. ХIоранна а дагахь хила деза дуьненан уггаре а коьрта книга язйина хилар. Иза Дала даийтина Сийлахь Къуръан ду. Ийманехь доьзал кхоллархьама тоьаш ду дино хьоьхург деш, цунна тIаьхьадазар. Шайн берана Къуръан Iамаде, ткъа цо (Къуръано) дикане дуьгур ду.

 

А.ХАЛИДОВА

№ 77, шот, 11 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: