
ТӀехьа-Мартан кӀоштахь кхоьллинчу йуьртана «Мержа» цӀе туьллур йу.
Нохчийн Республикин Парламентан пленарин 56-чу кхеташонехь къобалдина иза.
Иштта дехар динера ТӀехьа-Мартан кӀоштан Депутатийн кхеташоно.
Цара кечдинчу кехаташца а догӀуш, Мержа йуьртан йукъ хӀокху билгалонашца карор йу:
➥ 42°55’58 — шоралла;
➥ 45°11’33 — йохалла.
КхидӀа и гӀуллакх Росреестрехь толлур ду, тӀаьхьуо Россин Федерацин Правительствос сацам а беш.