
Бусалбанийн уггар чӀогӀа герз доӀа ду. Цундела, Палестина дага а лоцуш, хӀора а буса тахӀаджуд-ламазаш до нохчаша маьждигашкахь.
Telegram чуьрчу шен каналехь иштта дӀахьедар дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Сийсара а санна, тховсалерчу буса а цхьаьнакхетар бу нохчий кӀотарийн а, йартийн а, гӀаланийн а даккхийчу маьждигашкахь.
Ӏуьйра-ламазал хьалха тахӀаджуд-ламазаш а деш, Палестина а, палестинхой а боьхур бу цара.
Нохчийчоьнан Мехк-Ден Кадыров Рамзанан дӀадолорна тӀе а тевжаш, иштта хаам а, кхайкхам а бина Нохчийчоьнан Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас.