
Абу-Дабехь тховса дӀайаьхьначу UFC 294 турнирехь толам баьккхина Чимаев Хьамзата.
Нигерера цӀейаххана волу Камару Ӏусман эшийна цо.
Оцу латарехь толам нохчийн спортхочо баккхар суьдхоша къобалдина.
Цунна тӀе а тевжаш аьлча, ММА-хь цхьа а иэшар доцуш ву хӀинца Чимаев Хьамзат.