Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кӀентан кӀантана Адамна «Дуслык» орден йелла ГӀезалойчоьнан куьйгалхочо Минниханов Рустама

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кӀентан кӀантана Адамна «Дуслык» орден йелла ГӀезалойчоьнан куьйгалхочо Минниханов Рустама.

Оцу мехкан пачхьалкхан совгӀат долу и орден къаьмнашна а, динашна а йуккъера машар а, барт а чӀагӀбарна луш йу.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кӀентан кӀантана Адамна иза дӀа а луш хилла Соьлжа-ГӀалахь Минниханов Рустам.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама.

Иштта, Кадыров Адам, Сийлахь Къуръан дагахь а хууш, дешарехь а, спортехь а баккхий кхиамаш а болуш стаг хилар а билгалдаьккхина цо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: