Йарташкахь хица кхачойаран болх 77,4%-на дӀабирзина, ткъа гӀаланашкахь — 92,8%-на

«ЦӀена хи» проектехь 2019-чу шарахь дуьйна дакъалоцуш йу Нохчийчоь.

Оцу муьрехь хица кхачойаран 20 сов объект йина республикехь.

И белхаш 12 муниципалитетехь дӀабаьхьна: Соьлжа-ГӀалахь, Устрада-ГӀалахь, иштта, Невран, Теркан, Курчалойн, Соьлжа-ГӀалин, Шелковски, Эна-Хишкан, ТӀехьа-Мартан, Хьалха-Мартан, Нажи-Йуьртан, Шелан кӀошташкахь.

Цуьнца а догӀуш, йарташкахь хица кхачойаран болх 77,4%-на дӀабирзина, ткъа гӀаланашкахь — 92,8%-на.

Цул сов, тӀедогӀучу шарахь хица кхачойаран кхин а 8 объект йан а лерина.

БиргӀанашца хи долчу бахархойн терахь 82,9%-н (йарташ) а, 92,9%-н (гӀаланаш) а тӀегӀанехь хир ду цул тӀаьхьа.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: