«Машук – 2015» форум генахь яц

mashuk-43-2_142634162876

Июль бутт чаккхене лестича Къилбаседа Кавказан кегийрхойн «Машук–2015» форумо шен болх д1аболор бу. Хууш ма-хиллара и фо

рум СКФО-н кегийрхойн дахарехь шатайпа хилам хилла дIахIоьттина. Экономикин, политикин, искусствон, культурин, Iилманан, хаамийн технологин, журналистикин, бизнесан декъехула похIма, хьуьнарш долу кегийрхой а, церан проекташ а билгалъяхаран Iалашонца еш дешаран-социальни проект ю «Машук – 2015».

Форум вовшахтохархоша дийцарехь, цуьнан коьрта Iалашо ю граждански цхьаалла чIагIъярехь йолчу пачхьалкхан политикина г1одар. Россин а, Къилбаседа Кавказан а къаьмнийн этнокультурни а, Iилманан а хазна кхиорехь мехала, оьшуш ю проект.

Форум 23-чу июлехь йолаелла 7-гIа август кхаччалц шина сменехь болх беш лаьттар ю,. Хьалхара смена 24–31-чуй июлехь хир ю «Гражданская инициатива», «Патриотическое воспитание», «Добровольчество» дакъошкахула. ШолгIачу смено 31-чу июлера 7-гIа август кхаччалц болх бийр бу. Цигахь тидаме йохкур ю «Предпринимательство», «Информационное пространство»,  «Инновации и научно-техническое творчество» проекташ. Форуман дешаран программина юкъахь дакъалацархойн аьтто хир бу хIора дийнахь хинйолчу тематически модулашкахь хила. Юкъараллин дахарехь оьшучу керлачу хьежамашна, пачхьалкхан урхаллехь оьшучу хьесапашна лерина лекцеш йоьшур ю цигахь.

З.ХИЗИРОВА

 № 77, шот, 11 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: