
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кӀентан кӀантана Адамна «Кхарачойн-Чергазийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» ордел йелла.
Иштта сацам бина оцу республикин куьйгалхочо Темрезов Рашида.
Кхарачойн-Чергазийчоьнан пачхьалкхан коьрта совгӀат долу и орден Кадыров Адамна ша йаларан бахьана билгалдаьккхина цо — къаьмнийн а, регионийн а цхьаалла кхиорехь а, Ислам-динан ламасталлин мехаллаш чӀагӀйарна а.
Цул сов, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кӀентан кӀант Адам шен Даймехкан воккха патриот хиларна тӀе тидам а бахийтина Темрезов Рашида.