Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Пачхьалкхан галерейхь схьабиллина Скаржинский Андрейн гайтам.
Россин Федерацин культурин хьакъволу белхало ву иза.
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран гӀовс волчу Баширов Сайд-Мохьмада а, йукъараллин организацийн векалша а дакъалаьцна цуьнан гайтам схьабелларехь.