
Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн колледжехь дӀаболийна техникин бух цӀинбаран болх.
Цуьнан гурашкахь хуьйцур йу компьютерш, мультимедин гӀирсаш, и.д.кх.а.
Оцу декъехь колледжана гӀо деш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера Йукъараллин фонд хир йу.
Хьалхара гӀо, вуьшта аьлча, керла компьютерш, хӀинцале а схьакхаьчна дешаран хьукматан хьашташна.