Нохчийн маттаца доьзна шайн хаарш тӀедуьзна журналисташа

Нохчийчоьнан шуьйрачу хаамийн гӀирсийн белхахоша нохчийн маттаца доьзна шайн хаарш тӀедуьзна.

Шуьйрачу хаамийн гӀирсийн белхахой кечбаран а, йухакечбаран а туш йу цаьрца и болх дӀабаьхьнарг.

Тоьшаллаш дӀадаларан цхьаьнакхетар, ламасте дирзина ма-хиллара, къоман «Даймохк» газетан редакцехь дӀадаьхьна.

Цигахь дакъалецира Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон Хаамийн а, зорбанан а департаментан директора Л.Музуровс, Шуьйрачу хаамийн гӀирсийн белхахой кечбаран а, йухакечбаран а туьшан директора Хь.Юнусовс, Къоман «Даймохк» газетан коьртачу директора Б.Шамсудиновс.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: