
Шайх тешийна декхарш кхиамца кхочушдеш ду «АХМАТ» спецназан бӀаьхоша.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, мостагӀ дуьхьало йеш хиларо а бац вайн бӀаьхошна цуьрриг а беш Ӏаткъам.
Царалахь къаьсттина билгалйаккха йезаш йу «Охотник» дéкъан «Амура» тоба — БПЛА-н операторш.
Нохчийчоьнан Мехк-Дас тӀе тидам бахийтарехь, чӀогӀа маьӀна долуш йу цара лелош йолу дронаш.
И дронаш а, кхиболу гӀирсаш а, Кадыров Рамзана билгал а доккхуш, мостагӀехь а бу, амма, бакъду, «АХМАТ» спецназан бӀаьхой санна говза вац мостагӀ уьш лелорехь а, царах пайдаэцарехь а.