
Гуьмсан кӀоштахь къахьоьгучу Некъан боламан кхерамзаллин пачхьалкхан автоинспекцин дéкъана 10 «Шкода Активиа» дӀайелла Кадыров Рамзана.
Оцу кӀоштан чоьхьарчу гӀуллакхийн дéкъан хьаькама Чалаев Исхьакъа схьаэцна уьш.
И мехала совгӀат динарг йу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера Йукъараллин фонд.
Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, некъан боламан кхерамзаллин автоинспекцин болх Ӏедало а, махкахоша а чӀогӀа лоруш бу.
«Коьртехь Черхигов Идрис а волуш вовшахкхетта йу говзанчийн тоба. Хьокъала доллуш болх беш бу уьш. Ткъа вайн декхар — гӀирсашца а, техникица а царна оьшшуш долу гӀо-накъосталла латтор», — тӀетоьхна Кадыров Рамзана.