ЧӀаьнти-Йуьртахь дӀабаьхьна Дешархошлахь йолчу Шахматийн Чемпионатан рогӀера мур

Соьлжа-ГӀалин кӀоштарчу ЧӀаьнти-Йуьртахь дӀабаьхьна Дешархошлахь йолчу Шахматийн Чемпионатан рогӀера мур.

Дакъалацархой 2 декъе бекъабелла бара: 1) 1-6-гӀий классаш; 2) 7-11-гӀий классаш.

ЖамӀаш иштта ду:
➜1-6-гӀий классаш / ❶ Манжиев Нурди (Ӏалхан-ГӀала, №2 ишкол); ❷ Гехаев Сайд-Хьусейн (Девкар-Эвла, №2 ишкол); ❸ Мачигов Ислам (Девкар-Эвла, №1 ишкол).
➜7-11-гӀий классаш / ❶ Киришкаев Ислам (Ӏалхан-ГӀала, №2 ишкол); ❷ Акуев Мохьмад (Мехкадаьттан-Йурт, А-Хь.Кадыровн цӀарах ишкол); ❸ Гехаев Хьусейн (Девкар-Эвла, №2 ишкол).

Кубкашца а, грамоташца а, мидалшца а совгӀаташ дина царна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: