Бенойн БойсгӀаран цӀарах а йолуш, кадечу Ӏалашонийн батальон кхоьллина

Россин Федерацин Къоман гвардин эскарийн Къилбаседе-Кавказан округехь кадечу Ӏалашонийн батальон кхоьллина — Бенойн БойсгӀаран цӀарах йу иза.

Ша керла батальон Соьлжа-ГӀалахь дӀатарйийр йолуш йу.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, 300 бӀаьхочух лаьттачу батальонна куьйгалла деш Чалаев Бекхан хир ву.

Иштта, батальонна кхуллучу хьелашка а хьожуш, иза дӀатарлур йолчу майданахь хилла Кадыров Рамзан.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: