«Вайнах Телекоман» зӀенах пайдаоьцуш 150 эзар гергга стаг ву вайн республикехь

Нохчийн Республикин транспортан а, зӀенан а, терахьийн кхиаран а министран Черхигов Рамзанан а, «Вайнах Телекоман» коьртачу директоран Исмаилов Анваран а цхьаьнакхетар хилла.

Цигахь бийцаре бина зӀенан операторан болх, цуьнан кхиамаш, иштта, цунна хьалха лаьтта декхарш а, кхачамбацарш а.

Цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхина ма-хиллара, «Вайнах Телекоман» зӀенах пайдаоьцуш 150 эзар гергга стаг ву вайн республикехь.

Царалахь кӀезиг бац лаьмнийн кӀошташкара бахархой а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: