РУС-хь кечбеш бу Шайх Мансуран а, Бенойн БойсгӀаран а цӀарахчу батальонийн бӀаьхой

Шайх Мансуран а, Бенойн БойсгӀаран а цӀарахчу батальонийн бӀаьхой Россин спецназан университетехь кечбаран болх теллина Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, тӀеман леррина операци дӀайахьаран зеделларг тидаме а оьцуш кечйина йу РУС-ра программаш.

3 баттахь оцу программашца Ӏамор болуш бу керлачу батальонийн бӀаьхой.

Иштта, церан хьашташна герз а, техника а кечйаран гӀуллакх чаккхене доьрзуш хилар а хаийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: