
Ирасханов Аслан чӀагӀвина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министран даржехь.
ХӀинццалц а вара иза оцу даржехь къахьоьгуш, бакъду, министран декхарш ханна кхочушдеш а волуш.
Оцу хиламца Салманан Аслан декъала а веш, хазахетаран хаам бинарг ву Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан.
«Хьокъала долччу Указна куьг йаздина Россин Президента Путин Владимира. Оцу дарже хӀотто вогӀуш а вара Салманан Аслан. Вайн хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас кхоьллинчу командехь къахьоьгуш ву иза хьалхарчу деношкахь дуьйна», — йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.