ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь хилира Ерригроссин доьзалан денна лерина «Бертахь доьзал, кхузаманан юкъаралла» аьлла «горга стол». Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан депутата Жамалдаев Шаида, Кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран гIоьнчас Гайраханов Мовлас, Соьлжа-ГIалин маьждигийн имамийн Кхеташонан председатела Хитанаев Мохьмада, Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствон ноналлин отделан коьрта говзанчас Арсанова Марьяма, Кегийрхойн парламентан куьйгалхочо Дагаев Муртуз-Iелас, оцу парламентан депутаташа.
Хьалхара дош олуш вистхилира Гайраханов Мовла: «Доьзалан проблемаш таханлерчу дийнахь уггаре а мехалчарах ю. Хууш ма-хиллара, вайн кегийрхоша дукха хан интернета чохь йоккху. Социальни тайп-тайпанчу сеташ чухула вуон мел дерг девза, Iема царна. Хийлазза, вайн дино цамагийна долу, кхечу къаьмнашна магийна долу хIума девза. ТIаккха вайн кегийрхошна вуон дерг марздаларна кхерам бу», – элира цо.
Шатайпа кхайкхам беш вистхилира Жамалдаев Шаид. Цо элира: «Вайна дино цамагийнарг хьехо а ца деза вай, хIунда аьлча цкъа а, шозза а хьахийча, иза къамел хуьлий дIадоьду. И кест-кеста хьехо даьккхича, вайн кегийрхошна иза иштта хила деза мотта тардаларна кхерам бу. Iамаркехь, Европехь магийнарш вай вовшашлахь дийца ца оьшу. Доьзалх дерг аьлча, тIекхуьуш долу чкъор – вайн кхане ю. Уьш гIиллакх-гIуллакх долуш, нохчийн Iадаташ лардеш, шайн ненан мотт буьйцуш хилахь, вайн кхане ирсе хир ю. Делахь а, таханлерчу суьрте хьаьжча, жимма къахьега дезаш хилар го. Масала, вайн республикехь кхечу къомах долу адамаш а деха. Школашкахь, берийн бошмашкахь, балхахь цхьаьна нисло. ТIаккха нохчийн а, оьрсийн а меттанаш эбина буьйцу вайн нохчаша. Цундела, дас-нанас шайн доьзалца чохь нохчийн мотт бийца беза, царна хьеха деза, шен ненан мотт бицбан йиш цахилар».
Шен къамелехь Хитанаев Мохьмада билгалдаьккхира, тIаьхьарчу хенахь доьзалш дIасакъестар алсамдаьлла хилар, церан барт барехь шаьш къахьоьгуш хилар. «Доьзал кхабар, жоьпалле хилар, иза бусалба дино тIех чIогIа лерина ду. Зуда ялийна жима стаг чуверзо сихо ян еза дас-нанас. ТIаккха иза мелла а сема хуьлу, шен доьзалх долу жоьпалла а девза цунна. Иштта, дахаран керла некъ дIаболало цуьнан. Доьзал кхолларал сов, иза кхабар а, цунах жоьпалле хилар а ду цунна тIехь. Уггаре а халахеташ дерг доьзалш дIасакъестар ду. Шен доьзал дIатаса мегар дац», – элира цо.
Кегийрхойн парламентан депутаташа Тарамова Марьяма, Абкаров Хазбулата, Алероев Увайса доьзалан денна лерина докладаш йира.
Цу тIехь «горгачу стоьлан» болх берзийра.
З.САНОВА
Авторан сурт
№ 77, шот, 11 июль, 2015 шо