ТахӀаджуд-ламазаш деш бу нохчий, палестинхой а, тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болу вайн бӀаьхой а боьхуш Деле

Палестинхой а, тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болу вайн бӀаьхой а боьхуш Деле, даккхийчу маьждигашкахь хӀора а буса тахӀаджуд-ламазаш деш бу нохчий.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Иштта, цуьнан дӀадолорца а догӀуш, тховсалерчу буса а цхьаьнакхетар бу махкахой кӀотарийн а, йартийн а, гӀаланийн а даккхийчу маьждигашкахь.

Ӏуьйра-ламазал хьалха тахӀаджуд-ламазаш а деш, цара йоьхур йу Палестина а, палестинхой а, тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болу нохчийн бӀаьхой а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: