
Казахстанехь дӀайирзина Къуръан дешаран дуьненайукъара I-ра конкурс.
Оцу мехкан Бусалбанийн динан урхалло вовшахтоьхна йара иза.
Нохчийчоьнан векала Садыков Турпал-Ӏелас 2-гӀа меттиг йаьккхина цигахь.
Кадыров Зеламхин цӀарахчу Хьафизийн ишколан (Ахьмад-Йурт) кхиархо ву иза.
Ша конкурсан жамӀаш иштта ду:
➊ Хьажри Илес (🌍Марокко) — 20 000$;
➋ Садыков Турпал-Ӏела (🌍Нохчийчоь) — 15 000$;
➌ Малек Ӏабдулла Ӏалбадин (🌍Ливи) а, СагӀ Салим (🌍Алжир) а — 7 000$;
➍ Ӏабдурахьман Фараж Хьафиз БарагӀи (🌍Мисар) — 5 000$;
➎ Мухьаммад Ӏадиб бен Ахьмет Разани (🌍Малайзи) — 3 000$.