
Шайх Мансуран а, Бенойн БойсгӀаран а цӀарахчу керлачу батальонашна йечу туьшашкахь хилла Кадыров Рамзан.
Россин гӀаролан министерствона йукъайогӀуш йолу Шайх Мансуран цӀарахлера батальон Гуьмсехь дӀатарйеш йу.
Цунна лерина туш кийча йу: гӀишлошйаран белхаш дӀабирзина, бӀаьхой вовшахтоьхна, машенаш схьайалийна, герзаш схьакхаьчна, и.д.кх.а.
ТӀеман лерринчу операцин гурашкахь чӀогӀа маьӀне ларалучу БПЛА-на урхалдаран хаарш тӀедузаран декъехь къахьоьгуш бу бӀаьхой.
Россин Къоман гвардина йукъайогӀуш йолу Бенойн БойсгӀаран цӀарахлера батальон Соьлжа-ГӀалахь хир йолуш йу.
Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, цунна туш йаран белхаш 80%-на дӀабирзина.
Цул сов, циггахь маьждиг дар а тӀедиллина цо.