
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо 62 тонна сов гуманитарин гӀо-орца дахьийтина ГӀаззерчу палестинхошна.
Россин ЧХьМ-н «ИЛ-76» олучу 2 кеманца дӀахьажийна и гӀо-орца Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортера.
Оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана билгал ма-даккхара, и гӀо-орца мисархойн махка кхочур ду, цигара дӀа машенашца ГӀаззе дехьадоккхур а долуш.
Цул сов, гуманитарин гӀо-орца кеманашна тӀедоттарехь, коьртехь Кадыров Ахьмад а волуш, Берийн а, кегийрхойн а йерригроссин боламан жигархой хилла хиларна тӀе тидам а бахийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
Царна а, А.Дудаевна а, Ӏ.Цакаевна а, Ӏ.Ибрагимовна а баркалла аьлла цо.