
Халкъан цхьааллин денна лерина доккха цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Д.Омаевн цӀарахчу Даздарийн цӀийнехь.
Цигахь дакъалоцуш хиллачу Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀабаьхьна пачхьалкхан совгӀаташ даларан болх.
➥ «Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтаран» IV-чу тӀегӀанан орден: ГӀ.Таймасханов, Ӏ.Тумхаджиев, А.Висмурадов, Б.Таймасханов, А.Дудаев.
➥ «Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтаран» II-чу тӀегӀанан орденан мидал: Ӏ.Баширов.
➥ Майраллин орден: Ш-М.Даудов, Хь.Насуханов.
➥ Кадыровн орден: Р.Алисултанов.
➥ «Нохчийн Республикин Турпалхо» цӀе: А.Алаудинов, И.Закриев, Д.Айдамиров, Р.Альдебиров, Р.Сулейманов, Ӏ.Тагиров, И.Агуев.
➥ «Соьлжа-ГӀалин сийдолу вахархо»: Хь.Чимаев.
Цул сов, «Ненан Сий», «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтар» мидалшца а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Сийлаллин грамотица а, сийлаллин цӀерашца а билгалбаьхна цхьамогӀа нах.