дIахьур бу кху деношкахь Соьлжа-ГIалахь. Цунах лаьцна хаам бо Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела Хь.Хакимовс.
ООО «Кавказ-Экспо» гайтаман компанис Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствон а, Соьлжа-ГIалин мэрин а, Махлелоран-промышленностан палатин а, Жимачу бизнесан ассоциацин а гIоьнца 11-чуй, 12-чуй июлехь Соьлжа-ГIалахь вовшахтухуш бу хьаналчу сурсатийн дуьненаюкъара гайтам.
Гайтаман-ярмаркин коьрта Iалашонаш ю кхачанан сурсатийн, зударша хазаллина пайдаоьцучу сурсатийн (хьанал-косметика, парфюмери) производствона Даймехкан а, дозанал арахьара а инвесторш юкъаозор, Нохчийчохь «Хьанал» кхачанан сурсаташ дар алсамдаккхар, республикин бахархошна марханаш дастарна кечлуш цIена, хьанал кхача эцарехь накъосталла дар, луучарна бусалба къаьмнийн культура, ламасташ довза таро хилийтар, вовшашна зеделлачух пайдаэцар.
«КавказХаляльЭкспо» гайтамехь дакъалоцур ду вайн республикин а, Россин кхийолчу регионийн а пачхьалкхан Iедалан органийн а, бизнесан а, иштта дозанал арахьарчу компанийн а векалша. Нохчийн Республикехь хьанал-индустри кхиоран гIуллакхашкахула конференци а дIахьур ю гайтаман гурашкахь.
А.ВАХАЕВА
№ 77, шот, 11 июль, 2015 шо
