Кадыров Адамна Кхарачойн-Чергазийчоьнан пачхьалкхан коьрта совгӀат делла

Темрезов Рашид, Кадыров Адам, Делимханов Адам

Кхарачойн-Чергазийчоьнан пачхьалкхан коьрта совгӀат делла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кӀентан кӀантана Адамна — «Кхарачойн-Чергазийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна».

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, шеца цхьаьна Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а волуш, Черкесскехь хилла Кадыров Адам.

Лакхахь хьахийна и совгӀат Кадыров Адамна дӀа а луш, цаьрца цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Кхарачойн-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Темрезов Рашида.

Цул сов, кхин цхьа совгӀат а делла Кадыров Адамна циггахь — I-чу тӀегӀанера «Умматна хьалха хьуьнарш гайтаран» орден.

Иза йелла Кхарачойн-Чергазийн Республикин муфтис Бердиев ИсмаьӀал-Хьаьжас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: