
Дуьненайукъара «Россия» гайтам-форум дӀахьош йу Москварчу ВДНХ-хь.
Нохчийн Республика а йу цигахь дакъалоцуш.
Вайн мехкан гайтаман майда культурин а, этнографин а, патриоталлин а, тӀеман а, экономика кхиаран а дакъош йукъалоцуш йу.
Хьовсархошна Нохчийчоьнан гайтаман майда чӀогӀа тайна хилар хаийтина Экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министра Шаптукаев Рустама.
Цо билгал ма-даккхара, царна къаьсттина хазахета «Чаборз» багги а, тир а, и.д.кх.а.
Гайтам-форум 2024-чу шеран оханан беттан 12-гӀа де кхаччалц лаьттар йолуш йу.