
ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан пачхьалкхан коьрта совгӀат делла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кӀентан кӀантана Адамна — «ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтаран» орден.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, шеца цхьаьна Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а волуш, Нальчикехь хилла Кадыров Адам.
Лакхахь хьахийна и совгӀат Кадыров Адамна дӀа а луш, цаьрца цхьаьнакхетар дӀадаьхьна ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо Коков Казбека.