«Нохчийн меттан говзанча» къовсаман уггар къоначу дакъалацархочунна 1 млн ₽-ца совгӀат дина

Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан дӀадолорца а догӀуш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо 1 млн ₽-ца совгӀат дина Зурабова Амнатна.

«Нохчийн меттан говзанча» къовсаман уггар къона дакъалацархо хилла иза.

Цуьнан 8 шо хилла хилар а хоуьйтуш, нохчийн матте безам а болуш иза кхиорна, цуьнан ден-нанна баркалла аьлла Кадыров Рамзана.

Ша йоӀа а доккха баркалла аьлла Нохчийн Республикин Мехк-Дена а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондана а.

Чаккхенехь нохчийн маттана лерина Виситаева Туманин байт а йешна цо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: