
ЦхьамогӀа кӀоштийн чоьхьарчу гӀуллакхийн дéкъийн хьашташна керла машенаш эцна — 24 УАЗ «Патриот».
Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Рамзана дӀадаьхьна уьш дӀайаларан гӀуллакх.
Шен къамелехь цо билгал ма-даккхара, бакъонаш ларйаран органийн белхахошна мел оьшуш долу хьелаш кхолларан болх сацор болуш бац.
Цул сов, муьлхха а Ӏалашонаш кхочушйан цигара белхахой кийча хила безаш хиларна тӀе тидам а бахийтина Кадыров Рамзана.
Оцу декъехь царна мел оьшург латтор ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах а, иштта, Россин а, Нохчийчоьнан а бюджетийн гӀоьнца а.