«Нохчийн меттан говзанча» къовсаман финалан мур дӀабаьхьна «Грозный» НПТРК-хь

«Грозный» НПТРК-хь дӀабаьхьна «Нохчийн меттан говзанча» къовсаман финалан мур.

Цуьнан жамӀаш а деш, толамхой билгалбахарехь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, къовсаман жамӀ иштта ду: 1) Бурчаев Хьалим; 2) Гехаева Зулай; 3) Дашаева Амнат.

1-ра меттиг йаккхарна 5 млн ₽ делла;
2-гӀа меттиг йаккхарна 2 млн ₽ делла;
3-гӀа меттиг йаккхарна 1 млн ₽ делла.

Цул сов, финале ваьллачу кхин 7-нна а дина ахчанан совгӀаташ — хӀоранна а делла 500 эзар ₽.

Иштта, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Баркаллин кехаташца а билгалбаьхна уьш.

Кадыров Рамзана билгал ма-даккхара, «Нохчийн меттан говзанча» къовсам Нохчийн меттан шеран гурашкахь дӀабаьхьна бара.

Иза вовшахтохар лаккхарчу тӀегӀанехь хиларна тӀе тидам а бохуьйтуш, ГӀ.Таймасхановна а, А.Дудаевна а, Х-Б.Дааевна а баркалла аьлла республикин Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: