Футболан дуьненайукъарчу «Кубок Эльбруса — 2023» турнирехь толам баьккхина нохчаша

«Эльбрус — место притяжения» цӀе а йолуш, ГӀебартойн-Балкхаройчохь дӀайаьхьна культурин а, спортан а фестиваль.

Цуьнан гурашкахь футболан дуьненайукъара «Кубок Эльбруса — 2023» турнир а дӀайаьхьна.

Цигахь дакъалаьцна Беларусерчу а, Нохчийчуьрчу а, Дагестанерчу а, Къилбаседенан ХӀирийчуьрчу а, ГӀобанерчу а, ГӀебартойн-Балкхаройчуьрчу а тобанаша.

Финалехь цхьаьнакхеттера «Металлург» (Буру-ГӀала) а, «Грозный» (Соьлжа-ГӀала) а.

Чот 0:4 а йолуш, нохчийн толамца дӀадирзина и цхьаьнакхетар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: