Боларша тешам ло

skif-230

Доккхачу жоьпаллин балхана юкъабаха республикехь буьртиган ялтийн барам дикка алсамбаккхарна юкъа  хаъал доккха дакъа дуьллуш болу хьалхамартанхой а. Хьалхарчу иттаннаш гектараш тIера чуэцначу ялто  гойту цхьана хенахь шаьш  кхочуш хиллачу дозанашка уьш кхийдаш хилар.

Ткъепхиъ-ткъеитт шо хьалха, масала, хIора шарахь а шен башхачу гайтамашца  регионехь дика  бевзаш хиллачу «Солнечный» бахамерчу латталелорхошна тоам ца хуьлура гектара тIера 30 центнере кхочуш шаьш ялта гулдеш ца хилча. Цундела  цхьана а шарахь  цул лахара ца хуьлура гектарана  лерина чуоьцуш долчу ялтин барам.

Иза ша-шаха бIаьргашна хьалха хIутту хIокху деношкахь ялтин арахь баьхначу хьалхарчу гуонаша белла гайтамаш бевзича. Оццу аренашкара тахана гIойтIархоша (церан  лаьтта тIехь бара вай буьйцуш болу бахам) юьхь йолош гектара тIера  гулдан долийна ткъеисс центнер гергга беркат. Юьхьанцара гайтамаш бу уьш. Ткъа районехь чуэца дезаш хьалха лаьтта 2860 гектарал сов йолчу майданашкара кенан ялташ. Иштта гайтамаш чаккхенан жамIашкахула кхин лахара цахилийтархьама   шайн ницкъ кхочург дерриге а  деш  бу уьш. Иза чIагIдо, цигахь хьовха, ерриге а районехь а ялтин аренашкахь лаккхарчу вовшахтохараллица белхаш дIаболийна, тахана Iаламо кхоьллинчу бегIийлачу хьелех буьззинчу барамехь пайдаэца гIерташ хIора сахьт цхьана Iалашонна тIехьажийна хиларо, арахь ялтин дараш ца хилийтарехьа жигара къийсам баржоро.

Кхин цкъа а дош ала лаьа Теркан районерчу латталелорхойх лаьцна. Уьш даима а бевзаш бара лаьтта тIера алссам беркат схьаэца говзалла хиларца. Йоккха хуьлура цара вайн республикехь гулдеш долчу буьртиган ялтин барам алсамбаккхарна юкъаюьллуш йолу хазна. Амма дIадаханчу бIешеран шолгIачу эхехь кемсашлелоран гIуллакх юкъадалор бахьанехь ялтина тIехь хаддаза эшам хуьлуш дIадахара цул тIаьхьа даьхкина шераш. ТIаьххьарчу чоьтехь 80-чу шерийн берриге а махкана а бале бевлла хиллачу хиламаша тоъалчу барамехь я ялта а, я кемсаш а йоцуш битира теркахой.

ХIетахь дуьйна таханлерчу дийне кхаьчна уьш лаьттан беркат тоъалчу барамехь схьаэца ницкъ ца кхочуш. ГIалат хир дара иза дуьххьалдIа адамех доьзна хилла аьлча, царах доьзнарг а кIезиг ца хиллехь а. ДIадаханчу бIешеран тIаьххьарчу итт шарчохь цхьанна тIаьхьа важа тIехIиттинчу бохамаша шайн къизалла гайтира буьззинчу барамехь: тесна дитира латта, аренде ло бохуш, сагIийн дакъош дан долийра цунах, хIаллакдира дерриге а даьхни, тIепаза яйра техника, дог делира адамийн шайн тIамарх доьллачу гIуллакхах. ТIе къух а даьлла, байлахь дисира латта (ма-дарра аьлча-м и хьу цхьана теркахойх хьакхаелла а ца йисира).

Юьртан бахам меттахIотторна тIехьажийна регионан куьйгалло, ма-дарра аьлча, и дакъа шен хIора дийнан тергоне эцначу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дан долийна гIуллакхаш буьззинчу барамехь хьакхаделира теркахойх а. ХIора шарахь алсамъяла йолаелира юьртабахаман техника, аренашка кхочуш йолу минеральни удобренеш. Къастийна цхьалхадаьккхира хIуьца долу гIуллакх а. Иза кхиоран бух хилла дIахIоьттира Ломаз-Юьртара бахам (оцу сортех долчу хIуьно таро хуьлуьйту гектара тIера ур-аттал йокъа хIуттучу хьелашкахь а  ткъеитт центнере кхаччалц ялта гулдан). ДуьххьалдIа оцу гIуллакхийн тIаьхье ю тахана районехь буьртиган ялташ гулдарехь болуш болу юьхьанцара гайтамаш. Дагна там ца бойла дац цара. ТIаьхьарчу иттаннаш шерашкахь хилла доцчу кепара лакхара ду белхан боларш, ялтин хьекъар. Иза чIагIдо хIокху терахьаша: тIаьхьарчу цхьана кIирнах цхьа эзар гектарал сов майданаш паргIатъяьхна ялтех, церан юкъара барам ши эзар гектаре дIа а кхачош. Ялтин хьекъар а ду бIаьрг бузош – хIора гектара тIера чуоьцу 22,I центнер. Цуьнан дукхаллин барам хIора кIирнах тIекхеташ а бу.

Аренашкахь цхьанаэшшара болх дIабахарна кхачойо ТIехьа-Мартан районан бахамийн ялташлелорхоша а. Боларш лакхара хиларца цхьаьна иштта алсамдолуш ду хIора гектара тIера гулдеш долу ялта а. ДуьххьалдIа цхьана кIиранчохь шина центнерал алсамдаьлла иза, хIора гектарана леринчу хьесапехь 25,5 центнере дIа а кхачош. Цхьаъ ах эзар гектарал сов йолчу майданашкара йиъ эзар тонна гергга ялта дIакхачийна бахамашкарчу хьаьтташка.

8-чу июлана болчу хаамашца Шелан районехь цкъачунна чуоьцуш берг мукх бу. Эха майданашкахь чекх а баьккхина и болх. ХIора гектаро 22,3 центнер ялта ло. КIа чудерзо долийча и терахьаш дикка лакхара хирг хиларх тешна  бу шелахой.

Шайх лаьцна довха дош ала хьакъ бу кху шарахь Грозненски районера латталелорхой а. Хууш ма-хиллара, районера дукхах болу бахамаш йокъа хIуттучу зонехь бу, цуьнга хьаьжжина хуьлу юьртабахаман культурийн хьекъар а. ХIинццалц къастамалла йолуш дацара буьртиган ялтица доьзна дерг а: дукха хьолахь малхо, мохо ягайой дIайохура ялтийн майданаш, лахара хилла дуьсура цуьнан хьекъар.

Иштта хир ду аьлла хетаделира говзанчашна цигарчу аренашкахь ялташ чудерзо долийча – хьалхарчу бIеннаш гектарех хIораммо а белларг 11,7 центнер мукх бен бацара. ХIинцца чекхдаьллачу кIиранан юьххьехь дIадолийра бахамашкахь кIа чудерзор. Цкъа-делахь, оцу ворхI денчохь дерриге а чуэцнарг 4200 гектарал сов йолчу майданашкара ялта ду. ХIора гектара тIера юккъерчу барамехь гулйина 18,8 центнер. ШолгIа-делахь, дуьххьалдIа оцу цхьана кIиранчохь гектаро луш долчу беркатан барам ворхI центнерал сов тIекхетта. Бакъдолчара гойтуш ма-хиллара, лакхара ду белхан боларш а. Оцу дерригено тешам ло цигара латталелорхой кху шарахь тIаьхьадисаран йийсарера бевриг хиларх.

Тоаме лара мегар ду цхьамогIа кхечу районашкахь буьртиган ялташ чудерзоран боларш а. ХIора гектара тIера 24,9 центнер кIа а, мукх а гулбо Курчалойн районехь, 18,6 – Шелковски районехь, 18,4 – соьлжахоша.

Дийнна схьаэцча, Нохчийчоьнан агропромышленни комплексехь дерригенах кхоалгIа дакъа гергга йолчу майданашкара чуэцна гуьйренан ялташ – 8-чу июлана болчу хаамашца  27833 гектара тIера. ХIора гектаро ло 20,5 центнер ялта, я дIадаханчу шарца дуьстича 5,5 центнер алсам. Бахамийн хьаьтташка дIакхачийна  57 эзар тоннал сов буьртиган ялта.

Тахана регионан латталелорхошна шайн коьрта декхар го ялташ чудерзоран хенаш ма-хуьллу яцъярехь, гулдечу ялтин барам алсамбаккхарехь. Оцу Iалашоне уьш кхочург хилар гойту хьалхарчу шина кIирнах аренашкахь бинчу балхо.

 

Л.АБУБАКАРОВ

 № 77, шот, 11 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: